ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу пачхьалкхийн лидерша дог оьцу Францин бахархойн


Нотр-Даман килс
Нотр-Даман килс

Дуьненан синбахамаллан тIаьхьалонан хIоллам лерина – Парижера килс (Собор парижской богоматери) ягарца доьзна дуьненаюкъарчу политикаша а, католикан килсийн лидерша а шаьш саготта хилар дIахаийтина Францин бахархошка.

Катастрофа хиллачу меттиге кхаьчначу Францин президенто Макрон Эммануэла хIора францхочун "цхьа дакъалг" ду даьгнарг аьлла.

"Тхан дог-ойла массо а католикашца а, массо а францхошца а ю. Вайн махкахой а санна, хIокху сарахь со чIогIа дог доьхна ву, вайн хIораннах а цхьа дакъалг охьахарцарна", - аьлла Макрона. Президенто чIагIо йина, килс юхаметтахIоттор ю аьлла. Шайн ницкъ, говзалла, ахча а ца кхоош, килс юхаденъян лаам болчу нахе кхайкхамбан дагахь ву иза.

Парижехь "къемате цIеяларх" доглазар хаийтина Ватикано а.

"Килсах цIеяларх хаам доккхачу халахетарца тIеийцира оха. Францина а, доллу дуьненна а ортодоксан символ хилла лаьттара и килс", - яздина Твиттерехь Ватиканан пресс-гIуллакххочо Джизотти Алессандрос.

Iамеркан президенто Трамп Доналда яздина: "Iаламат хала ду Парижерчу Нотр-Даман килсах яьллачу цIаре хьежа. ЦIе йойуш пайдаэца мегар дара тIемаюьйлучу цистернех", - аьлла хетта президентна.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь президент лаьттинчу Барак Обамас яздина Твиттерехь шен халахетарх: "Notre Dame – дуьненахь а уггар езачух хазна яра. ХIара гIайгIане миноташ тIехIоьттича, оха ойлайо Францин халкъан", - аьлла.

Францин коьртачу шахьарехь Парижехь оршотан суьйранна яьгна Нотр-Дам олу килс. XII-XIV -чу а бIешерашкахь йинчу цу килсе бIаьрг тоха хIора шарахь боьлхура 13-14 миллин стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG