Къилбаседа-Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха ворхI шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу 24 шо долчу вахархочунна Габзаев Шемална, шена бевзарш Шемарчу тIамехь дакъалаца ийзорна, яздо "Кавказский узел" агенталло.
Талламчийн версица, Соьлжа-ГIалахь шена вевзачу шина накъостца цхьана а кхетта, и шиъ Шема ваха ира-кара хIитто гIиртина иза.
Кхел йоьдучу юкъанна Габзаевс бехкаш тIе ца лаьцна. Ницкъаллийн структурийн белхахоша тIехь ницкъ а бина тIелацийтинера шега бехкаш аьлла, дIахьединера цо.