ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан омбудсмен тIехIоьттина Караулова Варварина


Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна
Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас кхайкхамбина Вологодск гIалин кхеле, Караулова Варвара хенал а хьалха араяккхарна тIетар доьхуш. 4,5 шо хан тоьхна цунна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна. "МБХ медиа" гIирсо бина цунах хаам. Вологодскан кхело луьстур ду тахана Караулова араяккхар доьхуш, цуьнан адвокато чуделла кехат. Ша йоI кхеле ялор яц, видеозIе латтор ю цуьнца суьдхоша.

Москварчу университетехь доьшуш хилла, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета йоьдучуьра лаьцна, набахтехь хан токхуш йолу Караулова Варвара хенал а хьалха араяккха дуьхьал хилла Вологодскан кIоштарчу набахтин администраци хьалхо. Колонин белхахойн леринчу тергонехь латтош ю Караулова адвокато дийцарехь.

Кху аьхка колонин "низамаш лардо" цо аьлла, дика цIе яьккхира цуьнан, ткъа иза хенал а хьалха арайоккхуш кехаташ чуделлачул тIаьхьа "низамаш талхадо" цо аьлла, билгалдаьккхира аьлла Бадамшин Сергейс.

Зазадоккху-беттан 29-чохь шен йоIана гIуда тоьхнера, хан йоцчу хенахь охьайижинера аьлла, дийцина Караулова Варварин нанас. Цул хьалха белхан меттигехь нуьда дIатесна яцара аьлла, бехк а баьккхинера цуьнга.

Шинаридийнахь Вологодскан кхелехь луьстур ю Караулова хенал хьалха маьршаяккхаран гIуллакх. ТаIзар кхочушдаран урхалло (ФСИН) бохург тIех а тесна, низамашкахь, къинхетамалла а гойтуш, кхело жоп лур ду аьлла, тешна ву адвокат.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета йоьду Москвара яхархо Караулова Варвара 2015-чу шарахь Туркойчоьнан а, Шемин а дозанехь лаьцна, юхаялийнера. 2016-чу шарахь Москварчу кхело набахтехь даккха 4, 5 шо хан кхайкхийра цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG