ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо а инстанцешка гIо доьху гIалгIайн оппозицино


ГIалгIайн протесташкахь дакъалаьцначарна тIехIиттар доьхуш, дуккхаъчу инстанцешка дехарш а, дIахьедарш а дина шаьш аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаамбина цхьахволчу хьалханчас Погоров Ахьмада.

"Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а, бакъонашларъярхочуьнга Лев Пономаревга а, Москварчу Хельсинкан группе а, Оьрсийчоьнан Юкъараллан палате а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, Оьрсийчуьрчу бусулбачийн урхалле а девлла тхо. Массанхьа а гIо доьху оха - амма тхо хезаш стаг а вац", - аьлла Погоровс.

Цо бахарехь, кехаташ дахьийтина цара ГIалгIайчоьнан Федерацин Кхеташонан а, Пачхьалкхан думан векалшка а.

"Республикехь хIоьттинчу юкъараллан-политикан ситуацех шайн йолу позици йовзийтий, шайн палаташкахь ГIалгIайчу яхийта керла комиссеш вовшахтохий, кхолладеллачу хьолана тIекхиар дехна оха", - дийцина протестийн лидеро.

Цул совнах, Зазадоккху-бутт бовш Погоровс ша кехат дахьийтина боху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, Талламан Комитетан куьйгалхочуьнга а, Инарла прокуроре а, ФСБ-н а, Росгвардин а урхалхошка а. Цкъачунна цаьргара жоп хилла дац боху цо.

Зазадоккху-беттан 26-27-чохь митинг йоьдучу заманчохь хиллачу хиламийн хроника йовзуьйту Погоровс шен кехаташ тIехь. "Низаман гурашкахь чекхдовла дагахь дара тхо юьхьанца. 26-чохь массо а ца кхиинера бистхила, цундела митинг вовшахтоьхначара администрацига хаийтира, митинг дIаяхъян еза аьлла. Багахь схьаэлира тхоьга, мегар ду, кхана 27-чу дийне йоккхур ю митинг аьлла. Ткъа Iуьйранна дIасадохийра адам. Республикан Iедалхоша йина цIена провокаци ма ю иза, хIинца оцу бахьанашца сингаттамехь бу бехк боцу нах",- дIахьедина Погоровс.

Карарчу беттан 3-чохь лаьцначу 65 шо долчу Барахоев Ахьмада мацалла латтийра административан гIуда а тоьхна, ша чохь латточу юкъанна. Кху беттан 13-чохь мацалла юкъахъяьккхира цо, ткъа 14-чохь кхи а шина баттана лаьцна вуьтуш, сацамбира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG