ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караулова Варвара набахтера араяьккхина


Караулова Варвара
Караулова Варвара

Караулова Варвара набахтехь яккха тоьхначу хенал а хьалха маьршаяккхар доьхуш, цуьнан адвокато чуделлачу дехарна жоп делла Вологодск гIалин кхело аьлла, хаамбина адвокато Бадамшин Сергейс. Караулова жоьпалле озийнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна.

Кхело тIедожийна цунна, баттахь цкъа тIе а йогIуш, ша ехачу меттигера дIаса а ца йолуш хан яккха. Нагахь низамаш дохадахь, юха а декхаре йийр ю иза йисина хан набахтехь яккха, яздо ТАСС агенталло.

Москварчу пачхьалкхан университетан философин факультетан хилла студент Караулова Варвара дIалецира 2015-чу шарахь Туркойчохь, Шема дехьаяла гIертачу заманчохь.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхочуьнга безам бахна хиларца дIаяха гIерташ хиллера иза аьллера йоьIан нанас. Изза тоьшалла дира кхелехь ша Варварас а. ЦIера ядар - шегара даьлла доккха гIалат ду аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG