ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла митинг хIотто лаам хилла Кациев Хьасан къайлаваьккхина полисхоша


Магасехь керла митинг хIоттор ю аьлла, оршотдийнахь дIахьедина жигархо Кациев Хьасан дIалаьцна шинаридийнахь йохка-эцаран "Ковчег" гIишлочуьрчу ламаз дечу хIусамчуьра араволучу хенахь. Стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, дIавигина иза аьлла, дуьйцу "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто, гIалгIайн юкъаралхошна тIе а тевжаш.

"Тхоьгарчу информацица, масех машенашкахь баьхкинера полисхой. Экстремизмна дуьхьало латточу Центрера ду шаьш аьлла хиллера цара, амма кехаташ ца гайтина. Кху беттан 26-чохь хIотто леринчу митингах доьзна иза ларвархьама цуьнга дан къамел ду шайн аьлла хиллера цуьнга", - дийцина "Кавказ.Реалиига" бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада.

"И нах муьлш бара а, йа иза стенга вигина а хууш дац цкъачунна тхуна", - аьлла къамел динчо. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанчашца зIе таса аьтто ца баьлла "Кавказ.Реалии" порталан.

Оршотдийнахь гIалгIайн жигархоша шаьш кху беттан 26-чохь митинг хIоттош ду аьлла, хаамбинера.

"Репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярх" низам тIеэцна рогIера шо кхочучу дийнахь митинге бовла лаам бара церан. Магасехь, йа "Бертан бIавна" хьалха, йа "Ингушетия" телеканална гергахь вовшахкхета сацамбинера жигархоша.

Цкъачунна Iедалхоша митинг хIотторах жоп делла дац царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG