ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Караулован масало гайтарца - интернетехь экстремизмна дуьхьал къийсам чIагIбан беза


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Экстремисташна дуьхьало латтор интернетехь чIагIдан деза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета гIоьртинчу Караулова Варварин масална тIе а тевжаш.

"Маьршша сайташ тIехь оцу кIадбоцучух деша берийн аьтто ца хилийтархьама, Интернетехь къийсам латтор Iаламат коьрта ду. Цу тIехь болх жигара баккха беза. Караулова оцу гуро лацарна вайн а, регионийн а, пачхьалкхан а бехк бу, вай тесна дитина хилла и гIуллакх", - аьлла мехкан куьйгалхочо "Первый каналан" эфирехь, яздо ТАСС агенталло.

Карладоккху, Москварчу пачхьалкхан университетан философин факультетан хилла студент Караулова Варвара дIалецира 2015-чу шарахь Туркойчохь, Шема дехьаяла гIертачу заманчохь.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхочуьнга безам бахна хиларца дIаяха гIерташ хиллера иза аьллера йоьIан нанас. Изза тоьшалла дира кхелехь ша Варварас а. ЦIера ядар - шегара даьлла доккха гIалат ду аьлла, дарединера цо.

Караулова Варвара набахтехь яккха тоьхначу хенал а хьалха маьршаяккхар доьхуш, цуьнан адвокато чуделлачу дехарна жоп делла Вологодск гIалин кхело шоьтадийнахь аьлла, хаамбира адвокато Бадамшин Сергейс.

Кхело тIедожийна цунна, баттахь цкъа тIе а йогIуш, ша ехачу меттигера дIаса а ца йолуш хан яккха. Нагахь низамаш дохадахь, юха а декхаре йийр ю иза йисина хан набахтехь яккха, яздо ТАСС агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG