ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу ах сов бахархоша ларамца тIеоьцу Сталин


Сталинан дикачу агIор я башхалла ца хеташ мах хадабо 77 процент бахархоша

Сталин Иосифан дикачу агIор я башхалла ца хеташ мах хадабо 77 процент Оьрсийчуьрчу бахархоша, яздо "Iамеркан аз" зорбан гIирсо. Цуьнца цхьаьна, баккхийберца а, ларамца а, безамца а баьчча тIеоьцу 51 процент махкахоша. Иштта ду Левада-центро тIаьххьара бинчу талламан жамIаш. Цу тайпа гайтамаш хилла бацара 2001-чу шарахь дуьйна цу центран социологаша и хаттар талла долийчхьана.

Уггар алсамдаьлла "халкъийн да" шаьш лору аьлла жоп деллачу нехан дакъа (12 пункт). Оццу хенахь хаъал охьадаьлла Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь Сталин вочу агIор тIеоьцучу нехан терахь (19%).

Цул сов, 70 процент респонденташна хетарехь, Сталина диканиг алсам дина пачхьалкхан дахарна, вониг динчул а, ткъа хаъала лахделла "Сталинан заманахь Советан халкъана юкъахь дараш хилар" бакъдан йиш йоцуш ду, аьлла хетачу нехан терахь (60% тIера 45 %).

Сталин бен доцуш тIеоьцуш бу коьртачу декъана 18-24 шераш долу Левада-центран талламех дакъалаьцна къона респонденташ.

Цу жамIашна социологаша йинчу комментарешкахь билгалдоккхуш ду, Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь дикачу агIор Сталин тIеоьцучу нехан тIегIа лакхара хилар, иза дIаваьллачул тIаьхьа хиллачу пачхьалкхан куьйгалхойх Брежнев Леонидах а, Горбачев Михаилах а, Ельцин Борисах а царна хетачуьнца дуьстича.

Борщев Валерий "Москох ХIелсинкин тобан" гIантдех цхьаъ ву. Левада-центро бинчу талламах лаьцна "Iамеркан аз" порталан дехарца комментари еш цо дуьйцу, Сталинах баккхийбечу нехан терахь алсамдаларан бахьанаш.

Борщевна хетарехь, юкъараллехь цу тайпа ойланаш йолу нах алсамбовларан оьрта бахьана ду Кремло дIахьош йолу пропаганда.

"Сталин зорбан гIирсашкахь кест-кеста гойтуш ву, цхьа ша-тайпа эвсаре хилла куьйгалхо санна, дуьйцуш ду иза волуш махкахь "болатан низам" хилла бохуш. Ткъа дуккха а адамаш, шайна юкъахь цу заманан дуьхе кхиа мало еш болу кегийрхой а болуш, шаьш кхоьллинчу моьттучуьнца бехаш бу, зулам дагадохарна къел бахана бу, я тидаме ца оьцуш бу чолхе историн тIаьхье, шайн чкъуьйриг чохь хьулбелла, - боху бакъонашларъярхочо.

Борщевна хетарехь, нахана Сталин дикачу агIор гуш хиларна Iаткъам бийриг ду Оьрсийчохь карарчу хенахь хIоьттина хьал, хьарамлонаш лелорца а, ца сацало коррупци хиларца билгалдаьлла долу. Цундела болх беш ду, боху цо, Сталин волуш иза дерриг а доцуш дара, цхьа а къола деш вацара, амма низам дара, бохург.

Цу кепара, Оьрсийчуьрчу бахархошна хетарг тахана махкахь лелачун реакци ю, уьш Сталинехьа бац, амма дуьхьал бу Кремло дIахьош йолу политика бахьана долуш пачхьалкхехь хIиттинчу хьелашна, боху Борщевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG