ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхо эзар сов эскархо полигонашкахь гулвелла


Нохчийчохь куп тоьхначу гIагI диллинчу машенийн дивизин эскархой дахначу оршотдийнахь дуьйна Iаморашкахь экзаменаш дIалуш бу. Герз тохар гойтуш, танкан, артиллерийн гIирсаш караберзош Iамораш дIахьо дивизин дакъойн эскархоша Шелковскан, Шуьйтан, Шелан кIошташкарчу полигонашкахь.

Нохчийчуьрчу комендатуран векало "Кавказский узел" агенталлана тIечIагIдина, Iаьнан хенахь шаьш Iамийначух хаарш гойтуш бу эскархой аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG