ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема дIа а яхна, ахчанашца даIишхошна гIо дина аьлла, бехкейо Дагестанера зуда


Дагестанерчу Буйнакскера 43 шо долу зуда бехкейо терроран зуламаш дарна. 2014-чу шарахь Шема а яхна, даIишхойн могIарех дIакхетта хилла иза, яздо REGNUM агенталло. Ишта тIечIагIдина, гIаттамхошна ахчанца цо гIо латтош хилар а. Болчу хаамашца, 2016-чу шарахь телефонехула шен гергарчуьнга харцонца 45 эзар сом шега дIакхачадайтина цо. Террорхойн хьашташна дайина хилла цо и ахча. Оцу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина.

Кху шеран Зазадоккху-беттан юккъехь Дагестанерчу "Росгвардин" куьйгалхочо Бачилов Мохьмада дIахьедира, Шемахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь тIемаш беш республикера 1, 3 эзар стаг ву аьлла.

Ишта инарла-майора билгалдаьккхина, даIишхойн могIарш 18-25 шераш долчу зудаберех дузарехь, къаьсттина пайдаоьцу интернетах аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG