ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Конгрессо санкцеш кхайкхаяхь Трампа гIо даре сатуьйсу Туркойчоьно


Iамеркан президент Трамп Доналд а (аьрру агIор), Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а.
Iамеркан президент Трамп Доналд а (аьрру агIор), Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а.

Туркойчоьнан Iедалан векалш сатесна бу, Iамеркан президенто Трамп Доналда вето юьллур ю аьлла, нагахь Конгрессо Оьрсийчоьнера ракетан системаш эцна аьлла шайна дуьхьал санкцеш яхахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина туркойн президентан зорбан секретаро Калин ИбраьхIима, хаам бо "Iамеркан аз" портало.

ДIадаханчу кIиранах Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка хаам бира, Iамеркан дуьхьала йолчу пачхьалкхашна дуьхьало ярх лаьцначу низамца а догIуш, Туркойчоьнна санкцеш кхайкхор ю шаьш, нагахь туркоша Оьрсийчоьнера С400 зенитан ракетан системаш эцахь аьлла.

Туркойчоь юха ца яьлла. Туркойн векалша дIахьедар дина, С400 системаш эцарна шайна санкцеш кхайкхо оьшуш дац, шаьш Вашингтонан дуьхьалончаш дац, хьалха санна НАТО-н декъашхой дуьсуш ду аьлла.

Вашингтонехь визитца волчу Туркойчоьнан президентан ЭрдохIан Реджепан зорбан секретаро Калин элира, Хонкара сатесна ю, санкцеш а ца кхайкхош, и гIуллакх дIадоьрзур хиларе аьлла.

Нагахь гIуллакх цу тIе далахь, Конгрессо санкцеш кхайкхор къобул дахь, президенто Трампа, шен бакъонах пайда а эцна, юкъарадаккхар дийр ду аьлла хета шайна цу хаттарехь, бохуш вара Калин. "Конгрессана дало дика тоьшаллаш хила а ма мега цуьнан", - элира Туркойчоьнан векало.

Делахь а Трампа ша иза дийр хилар хаийтина ала мегар дац, иза шаьш сатуьйсург ду, боху Калина.

Iамеркан Iедалан векалшна хетарехь, туркой Оьрсийчоьнера С400 ракетан системаш эца гIертар вуно проблемаш йохьу махбар ду. Цара дийцарехь, Lockheed Martin компанин F-35 кеманаш дан а, эца а хIоттийначу программехула Туркойчоь Iамеркан накъост хиларан статус шеконе юьллу цу гIуллакхо.

Пентагон саготта ю нагахь Туркойчоьно С-400 комплексах пайда эцахь, Iамеркан F-35 гуш доцу кеманаш довза оьшучу информацина тIекхача Оьрсийчоьнан аьтто бала мега бохуш.

Ткъа хIун хир ду нагахь Трампа шуна моттург ца дахь аьлла, шега хаьттар дича, Калина элира, шаьш собар дийр ду санкцеша дийр долу зе дагадина даллалц аьлла, гIуллакх цу тIе дер дац аьлла сатесна шаьш хилар а хоуьйтуш.

Кхерамаш тийсар а, санкцеш кхайкхор а пайде хир дац, цара цхьа а дикачу агIор жамI дохьур дац, бохуш вара президентан ЭрдохIанан зорбан секретарь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG