ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс лаьцна Украинехь


Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш аьлла, хаамбо пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СБУ). Брифингехь Iорадаьккхина цунах СБУ-н куьйгалхочо Грицак Василийс, дуьйцу "Медиазонас".

Грицака бахарехь, 2017-чу шарахь Киевехь машен а оьккхуьйтуш, тIеман иччархойн инарла Шаповал Максим верна бехке бу лецнарш.

Ву царлхаь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс Дзортов Тимур а. ГIиргIазойчоьнан вахархочун паспорт карийна цуьнгахь. Карарчу заманчохь республикерчу културан а, спортан а министраллан декъан урхаллехь вара Дзортов.

ГIалгIайчоьнан администрацин официалан сайтехь 2015-чу шарахь зорбане яьккхинчу хиллачу пайданех деклараци тIехь мехкан куьйгалхочун гIовс ву аьлла, язвина ву иза.

Кху беттан 4-чохь, Киевехь паркингехь машен эккхийтира, зорбанаша яздарца, Украинан иччархойн эпсаран долахь хилла. Оцу юкъанна Украинан Инарла прокуратуран спикеро Лысенко Андрейс чIагIдора, машен чу оьккхуьуйтург йилла гIоьртина стаг велла, метта а ца вогIуш бохуш.

ТIаьхьо къаьстира, автомобилан долахо дIасалеларх информаци дIалуш хилла налоган полицин белхахо хила тарло эккхийтарна бехке аьлла.

Ишта Украинан дозан тIехь зуламаш лело аьттонаш бохуш хилларг а лаьцна шаьш аьлла, дIакхайкхийна Грицака брифингехь.

XS
SM
MD
LG