ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хелхавала реза ца хилла меттигера вахархо вийна дагестанхоша ГIирмехь


Аннекси йинчу ГIирмехь Дагестанерчу кхаа вахархочо дина питана бахьана долуш летарш хилла аьлла, яздина "Российская газетано". Оцу латаршкахь вийна, барехь лезгинка хелхавала дуьхьал хилла меттигера 34 шо долу вахархо.

Полисхойн версица корта бахо маларш мийлинчу кхаа дагестанхочо бар чу веанарг хьовзийна хилла: "Вало хелхавала" аьалла.

"Хелха вала оцу 34 шо долчу жимчу стага дуьхьало йича, "и зуда" ялийта хелха бохуш, кочабахна хилла цуьнца хиллачу цуьнан хIусамнанна. Оцу бахьанашца летта цу чохь уьш", - дийцина газете чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Масийттазза уьрсан чевнаш йина хилла жимстаг велла шен зудчун карахь. Чевнаш йина ишта конфликтехь дакъалаьцначу кхи цхьанна а. Латаршкахь хилла кхи а кхоъ каравеана полисхошна. Къастийна, Дагестанера ГIирме а баьхкина, гIишлош еш, белхаш беш хилла уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG