ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудера еддачу шина йишас тховкIело лоьху Тбилисехь


Гуьржийчоь -- СаIудера шина йишас тховк1ело йоьху Гуьржийчохь

Ал-Субайе Махас а, Вафас а Твиттерехула гIо дехна дуьненаюкъаралле.

Саудийн Iаьрбин пачхьалкхерчу шина йишас Ал-Субайе Махас а, Вафас а Твиттерехула кхайкхам бина дуьненюкъаралле гIо а дахьара, Iалаш а яхьара шаьшшиъ аьлла, хаам бо "Iамеркан аз" портало.

Цу шиммо дийцарехь, церан дахар кхерамехь ду, нагахь цIаерза дезаш хьал нислахь. ЙоIарша хаам бина шаьшшиъ карарчу хенахь Гуьржийчохь хиларх лаьцна.

Йижарша Ал-Субайе Твиттерехь регистраци йина @GeorgiaSisters цIарца Оханан-беттан 16-хь.

"Тхойшиъ кхерамехь ю. Шоьгара гIортор оьшу тхойшинна аз хазийта. Тхойшинна ларъяр оьшу. Пачхьалкх оьшу тхойшиъ тIеоьцур йолу. Дехар ду, гIо дахьара аш", - яздина йижарша шаьшшина цхьана твитехь.

28 шо долчу Махас а, 25 шо долчу Вафас а Твиттерехь зорбане даьхна шаьшшина СаIудийн паспортийн сурташ, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу агенталле (UNHCR) гIо доьхуш кхайкхам а беш.

Цкъа дуьххьара йижарша яздинера шаьшшихъ Гуьржийчохь йисина, СаIудийн Iедало паспорташ дIадаьхначул тIаьхьа аьлла. Цу шиммо иштта чIагIдора гергара нах шаьшшихъ цIа йига гIерташ хиларх лаьцна а. ТIаьхьо и верси хийцира цара, Твиттерехь шаьшшиъ "йоьхна хьийзаш" ю аьлла хаам а беш.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина йижарша шайга я тховкIело а, я кхин долу гIо а ца дехна аьлла. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу агенталлан Гуьржийчуьрчу векалалло хаам бина, йижарий цу махкахь хиларх а, хIоьттина хьал шаьш тергамехь латтош хиларх а лаьцна.

Амма агенталлан белхахой реза ца хилла кхин йолу комментареш ян, шайна хууш дерг дIасадаржо мегар доцуш ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG