ЗIакардаьхнийн Ньюкаслан лазар даржарца доьзна кху беттан 17-чохь дуьйна Беларусе Нохчийчуьра котамаш кхехьар сацийна, хаамбо пачхьалкхан юьртбахаман продукцин министралло. Нохчийчохь и лазар котамашна кхетта меттиг хаабелла аьлла, дуьненаюкъарчу эпизоотикан бюрон информацин бух тIехь тIеэцна бу и сацам аьлла, билгалдаьккхина дIахьедарехь.
"Оцу бахьанашца, Ньюкаслан вирус Беларусехь дIаса ца яржийтархьама, дахначу кхааридийнахь дуьйна дозанаш тоьхна Нохчийчуьра чукхачочу зIакардаьхнешна", - аьлла бу бина хаам. Ишта дихкина зIакардаьхнийн месаш а, пелагаш а, котамийн даар а чудан.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!