ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Нохчийчоь уггар а могуш нах беха регион ю


Уггар цомгуш а, могуш а нах чохь беха Оьрсийчоьнан регионаш билгалъяьхна Росстато, шаьш бинчу талламашца.

ДIа ца йолу цамгар токху бахархой дукха хиларца хIоттийначу рейтингехь лидер ю Кировн кIошт (37%). ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Орловн кIошт (37, 1 %), цунна тIаьхьа ю Белгородскан (36, 5%), Архангельскан (36, 4%), Псковн (35, 9 %) кIошташ.

Уггар а могуш нах бехачу регионашлахь хьалхара ю Нохчийчоь. Цигахь хаттам бинчу 95 процент респонденташа дийцина, цайоьрзу цамгарш кхетта дац шаьш аьлла. Ишта могуш ю аьлла, билгалъяьлла Ямало-Ненецкан Автономин округ (86, 2%). 3-гIа меттиг дIалаьцна Севастополо.

Болчу хаамашца, кху деношкахь Росстато Iораяьккхина рейтинг дахначу шарахь хIоттийна ю. Пачхьалкхан массо а регионашкарчу 60 эзар доьзало дакъалаьцна иза хIоттош.

XS
SM
MD
LG