ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина халкъана юкъахь бартбар дехна нохчийн спикеро Аушев Руслане


Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад
Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад

1990-чу шерашкахь нохчаша ГIалгIайчоьнна 84, 5 эзар гектар хиллачу Нохч-ГIалгIайчоьнан Сунжан, Малгобекан а кIоштийн латтанаш дIаделлера аьлла, дIахьедина нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна хьалха вистхуьлуш хьахийна спикеро ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара административан дозанаш къасторах. ГIалгIайчоьнан хиллачу президенте Аушев Руслане кхайкхамбина Даудовс, нохчийн латтанаш дIаделла хилар тIе а чIагIдай, шина халкъана юкъахь бартбе аьлла. Цо бахарехь, "ахча деллачу провокаторша тилийна бу уьш".

"Халачу хенахь шина къомана юкъахь барт бина ву аьлла, гIаравер ву хьо", - аьлла Даудов Мохьмада.

Ишта спикеро кхайкхамбина гIалгIайн жигархошка, шарIан кхелашка а ца довлуш, Оьрсийчоьнан низамийн гурашкахь листа массо а хаттар аьлла.

Маршо Радионо ма-яздарра, шина республикана юкъахь дозанаш билгалдохуш бертан куьйгаш яздира Гезгамашин-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан урхалхочо Евкуров Юнус-Бека а.

Цунна дуьхьал бевллачу гIалгIаша митингаш йолийра Магасехь, шайн республикана эшам бина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG