ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Португалехь хиллачу некъан бохамехь велла 29 стаг, лазийна 29


Португалин Мадейра гIайри тIехь туристийн автобус чуьра мел лахара а 29 стаг велла, 27 -нна гергга чевнаш йина. Португалин президенто Ребелу де Соуза Марселус динчу дIахьедарца, белла туристаш Германин бахархой бу берш, дуьйцу DW хьостано.

Орцанхойн ирформацица, некъан бохам хилла кхаарин суьйранна Канису олучу меттигехь. 50 гергга туристаш буьгучу автобусан урхалла дечун дIавоьрзучу заманчохь аьтто боьхна, некъа тIера а йирзина, нах бехачу цIийнан тхов тIе йоьжна автобус. ГIалин Iедалхойн хаамашца, 11 борша стаг а, 17 зуда а делла оцу сохьта, дарбан цIийне юьгучу заманчохь кхелхина кхи а цхьа зуда.

Меттигерчу зорбанашкахь яздарца, 40 шарера 50 шаре болу нах хилла уьш. Машен дIаерзочу хенахь, шофер урхалла дан ца ларийна аьлла, верси ю полицин. Ишта хьехадо автобусан тормоз галъялла хила тарлуш хилар а.

Мадейран Iедалхоша кхаа денна тезет кхайкхийна шайн махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG