ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешан маршо къуьйлуш хиларца юха а биглаъяьккхина Оьрсийчоь


Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран "Доза доцу репортераш" организацино хIора шарахь а санна зорбане яьккхина шайн дуьненахь дешан маьршо хьешарх рапорт. Цара хIоттийначу рейтингца а догIуш, дуьненчуьрчу 180 пачхьалкхашлахь 149-чу могIарехь ю Оьрсийчоь. Цигахь маьршачу зорбанийн ситуаци чолхе ю аьлла, билгалдаьккхина бакъонашларъярхоша. Стохка 148-чу меттигехь яра Оьрсийчоь.

"Доза доцчу репортераша" билгалдаккхарехь, Оьрсийчохь лелочу харцонашлахь хьахийна нах лецарш, хIусамех хьийсарш, йозуш йоцчу хаамийн гIирсашна а, интернетна а тIеIаткъамаш бар а.

Рейтингехь хьалхара кхо позици дIалаьцна Норвегис а, Финляндис а, Нидерландаша а. Къаьсттина тиша хьал ду дешан маршонца, рапортан авторша бахарехь, Туркменехь а, Къилба Корейхь а, Эритрейхь а.

Дуьненчуьрчу хIора шолгIачу пачхьалкхехь дешан маршо "чолхе ю", йа "Iаламат сингаттаме" ю аьлла, дIахьедина бакъонашларъярхоша. ХIора кхоалгIачу махкахь хьал "проблемашца ду" аьлла.

Парижехь куп тоьхна ю дуьненаюкъара, пачхьалкхца йозуш йоцу "Доза доцу репортераш" (Репортеры без границ) организаци. 2002-чу шарера схьа дуьйна дешан маршонех дуьненан рейтин хIоттош схьабогIу организацин бакъонашларъярхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG