ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамзана дина цIа


"Фениксехь" петар оьцуш цхьана еакIон метарх доккху 60 эзар сом.

Яккхийн проекташ кхочуш ян аьтто хиларца Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь ша-тайпа меттиг дIалоцуш Нохчийчоь. Нохчийчуьрчу Iедалхойн инзаре яккхийн гIишлош яре безам хилар хууш ду. Царах лаьцна дуьйцуш "уггар" олу дош тIетухуш Iедал а ду церан.

Иштта цигахь гучудаьлла "Нохчийчоьнан дог" олу Европехь уггар доккха маьждиг а, "Грозный-Сити" гIишлонийн комплекс а, еш ю Европехь уггар лекха хилийта Iалашо йолу "Ахмат-Тауэр" бIов а.

Цу проекташа экономикан агIор дуккха а хаттарш кхуллу. Нагахь синхаамца йоьзна проекташ бахархошна пайда бохьуш елахь, "Сити" олучу комплексашца доьзнарг дIоггара цхьалха дац.

ХIинца а ира лаьтташ ду керла йинчу гIишлошна чуьра хIусамаш оьшуш хиларца доьзнарг. Иштта "Феникс" олучу нах бехачу комплексан сайта тIехь яьсса хилар гойтуш ю 120 петар. Ерриг а петарш цу чуьра схьаэцча, ах гергга ю уьш. ХIусам эцначара иза юха дIаюхкуш меттигаш а хуьлу сих-сиха.

"Грозный Сити" комплексан уьйтIе.
"Грозный Сити" комплексан уьйтIе.

Риелторан болх бечу Iела цIе йолчу стага (цIе хийцина ю цуьнан дехарца) дийцарехь, цу комплексера петар оьцур яра шаьш аьлла бовлуш болу нах дукха кIезиг бу. Цуьнан коьрта бахьана ду петарш еза хилар. Маситта чоь йолу петар дахарна тойийраг долу ахча дукхачу хьолахь 10 миллион сов сом хуьлу.

"Фениксера" чоьнаш оьцур яр аьлла бовлурш коьртачу декъана Оьрсийчуьрчу регионашкара богIу бахархой а, кхечу пачхьалкхашкара нах а бу, боху риелторо. Цо дийцарехь, Фениксехь петар оьцуш юккъерчу барамехь цхьана йиъкIов метарх доккху 60 эзар сом, ткъа вукха шина гIишлон чохь мах бу 50 эзар сом цхьана йиъкIов метарх.

Делахь а, "элитан" олучу оцу уггар дикачу комплексехь петар эца лууш болу нах меттигерчу бахархошна юкъахь каро хала ду, бохуш вара риелтор. Цуьнга хьажна доцуш, Нохчийчуьрчу кхечу гIаланашкахь а кхочуш еш ю "сити" дешахьалхе йолу проекташ. Масала, уьш гучуевлла Гуьмсехь а, Устрада-гIалахь а, Шелахь а. Еш ю цу тайпа комплекс Куршлойн-эвлахь а.

Амма уьш аьттехьа а ца йогIу Соьлж-ГIалахь еш йолчу "Ахмат Тауэрца". Кавказ.Реалиино хаттарш деллачу нахана юкъахь дуккха бара иза эрна ахча дайар ду аьлла хетарш. Амма ресторанан бизнес лелочу Рустам цIе йолчу Соьлж-ГIаларчу вахархочунна цхьа а вон хIума ца го цу тайпа проекташ кхочуш ярх, уьш механа еза елахь а.

Шен клиенташ дукхахаберш оьрсий бу, Оьрсийчуьрчу кхечу гIаланех Соьлж-ГIала къаьсташ яцахьара оццул дукха уьш хир бацара, боху цо.

​"Грозный-Сити" комплексехь чоьнаш яьсса лаьтташ хиларца доьзна хаттар цхьана декъана кхочуш дан аьтто баьлла, цига цхьацца пачхьалкхан учрежденеш дехьа а яьхна. Иштта кхузахь дIатарйелла туризман министралла а, динца а, юкъараллашца а зIе латторан департамент а, "Путь" телерадиокомпанин редакци а, кхинерш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG