ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Time журнало зорбане даьккхинчу лоручу нехан тептаре ца нисвелла оьрсийн президент


Карарчу шарахь уггар таро йолчу нехан тептар зорбане даьккхина Iамеркан Time журнало. Бу царлахь политикаш, артисташ, Iилманчаш, журналан белхахошна хетарехь, цара тIеIаткъам бийр кху шарахь дуьненна. Time журналан редакцино кеп-кепарчу юкъараллан дахарерчу сферан пхеа тобане бекъкна шаьш вовшахтоьхна нах: "Пионераш", "Артисташ", "Лидерш", "Иконаш", "Титанаш" цIерашца.

"Лидершлахь" ву Iамеркан президент Трамп Дональд, палатан векалийн спикер Пелоси Нэнси а, ишта шведийн дешархо Тунберг Грета а. Климат хийцарна дуьхьал "школашкахь протесташ" йолийнарг ю иза.

Оццу номинацехь бу Италин а, Бразилин а правопопулистийн лидерш – Сальвини Маттео а, Болсонару Жаир а. Лидершлахь ву Израилан премьер-министр Биньямин Нетаньяху а, папа Франциск а.

"Иконы" аьллачу декъехь ю артист Свифт Тейлор а, Леди Гаага а, ишта Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хиллачу президентан хIусамнана Обама Мишель а.

"Титаны" категори юкъахь билгалбаьхна журналан редакцино Мисаран футболхо Салахь Мохьаммад а, баскетболхо Джеймс Леброн а, Фейсбукан куьйгалхо Цукерберг Марк а.

Журнало билгалбаьхначу ларамечу нехан тептарехь вац цхьа а Оьрсийчоьнан вахархо. 2014-чу шарера схьа 2017-чу шаре кхаччалц оцу тептарехь нислора Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Стохка а санна, кху шарахь а Time журналан тептарехь ца нисвелла оьрсийн лидер.

"Time 100" тептар Iамеркан журнало зорбане доккху 2004-чу шарахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG