ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине мехкадаьтта а, цуьнан сурсаташ а кхачор яц Оьрсийчоьно кхи дIа


Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий
Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий

Мехкадаьттанна а, мехкадаьттан сурсаташна а Украине экспорт яр сацош ду Оьрсийчоьно. Министрийн кабинетан декъашхошца хиллачу цхьанакхетарехь дина цунах дIахьедар еаридийнахь оьрсийн премьер-министро Медведев Дмитрийс.

Мангал-беттан 1-чу дийнахь дуьйна цхьа къаьстина бакъо хилча бен аьтто хир бац уьш Украине уьш яхьийта, дуьйцу "Новости" агенталло.

Цул совнах, Медведевс аларехь, Киевс лелочу гамонна дуьхьал Украино Оьрсийчу кхоьхьу кхийолу сурсаташ а совцо тарло. Машенаш ечу гIирсан, индустрин, эчиг кечдаран продукцех хьакхаяла тарло санкцеш аьлла, билгалдаьккхина премьер-министро. Оцу хьокъехь кечдинчу документашна куьйгаш яздина аьлла, хаамбина Медведевс.

Карарчу беттан 10-чохь Украинан Iедалхоша эмбарго тоьхначу Оьрсийчуьра шайн пачхьалкхе кхачочу сурсатийн тептар шордира, цу юкъа яхара ангали чудуьллу яьшканаш а, формалин а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG