ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Россельхознадзор": Беларуси котамаш оха ца кхохьуьйту


ЗIакардаьхний Нохчийчоьно Беларусе кхачош дац аьлла, дIахьедина Россельхознадзоран куьйгалхочун гIовса Хасуев Хожа-Ахьмада. Нохчийчуьра котамаш Беларусе йохьуьйтуш яц аьлла, яржинчу информацех Хасуевс йинчу комментарех яздо "Грозный-информ" агенталло.

"Цхьана а кепара зIакардаьхний а, йа церан жижиг а Беларуси дохьуьйтуш дац. Юьртабахаман продукци дозанал а арайоккхуьйтуш, кехаташна куьйгашъязден организаци ю тхайниг. Амма тIаьххьарчу 15 шерачохь Беларуси зIакардаьхнийн экспорт оха йина яц", - аьлла хьаькамо агенталле.

Хьалхо Беларусин ветеринаран а, йохка-эцаран контрол латточу юьртабахаман министраллан департаменто хааме даьккхира, кху беттан 17-чохь дуьйна яьржина Ньюкаслан цамгар бахьана долуш, доза тоьхна Нохчийчуьра чукхоьхьучу зIакардаьхнешна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG