ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан сий дайар лара мегаш ю "Путин - къу" фраза


Журналисташа лело мегар ду-дац къастийна прессехь "Путин – къу" а, "Цхьааллин Оьрсийчоь – курхалчаш а, къуй а" дешнаш.

Роскомнадзоро а, Оьрсийчоьнан президентан администрацино а, Инарлин прокуратуро а дIакъевлинчу рожехь цхьаьнакхетар дIадаьхьна зорбан гIирсийн коьртачу редакторшца. Цигахь Iедалхой кхето гIоьртира журналисташ, муха лелар ду Iедалан сий дайарх лаьцна низам. Цунах лаьцна хаам бо Би-би-си-но, цIераш ца яьхначу цу цхьаьнакхетаран декъашхошна тIе а тевжаш, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Журналисташка дIахьедар дина и низам лелор ду "кхетаме" а, "къастош" а аьлла. Роскомнадзоро варе бийр бу зорбанан гIирсаш а, сайташ а, блокаш хIиттоле, боху Iедалан белхахоша. Цара цу хьокъехь масаллина далийна 76.ru а, "Яркуб" а сайташца хилларг.

Журналисташа къастийра лело мегар ду-дац прессехь "Путин – къу" а, "Цхьааллин Оьрсийчоь – курхалчаш а, къуй а" дешнаш. И лозунгаш хезаш хуьлу оппозицин акцешкахь, ша аьлча, уьш цкъаццкъа лелайо оппозицин хьалханчех волчу Навальный Алексейс.

Роскомнадзоран векало дIахьедар дина, шена хетарехь, иза сий дайар ду, амма мах хадо безарг прокуратура ю аьлла. Кхоччуш жоп цу хьокъехь Iедалхоша ца делира. "Пачхьалкхан Думан сий дайа мегар дац, амма мегар ду депутатийн", - дIахьедар дина цхьаьнакхетаран цхьана декъашхочо.

Би-би-си информацица, президентан администрацин цIарх цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара президентан урхаллан юкъараллин проектушкахула хьаькам Новиков Сергей а, цуьнан когаметта - Lenta.ru сайтан коьрта редактор хилла Гореславский Алексей а. Роскомнадзоран цIарх цигахь вара цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметта Субботин Вадим.

Роскомнадзоро а, Инарлин прокуратуро а цкъачунна комментари йина яц Би-би-си-н хаамна.

Зазадоккху-бутт чекхболуш дуьйна Оьрсийчохь болх беш ду харц хаамаш баржорна а, Iедалан а, пачхьалкхан а символийн интернетехь сий дайарна жоьпе озорах лаьцна низам.

Низамо доьхкуш ду интернетехь бакъ болуш санна, бахархойн дахарна а, могушаллана кхераме болу юкъараллан мехала болу харц хаамаш баржор. Низамца а догIуш, могIарерчу бахархошна 100 эзар соьме, даржашкахь болчарна 200 эзар соьме, юридикан тIегIантехь 500 эзар соьме кхаьччалц барамехь гIуда тоха догIу иза дохийначарна.

Iедалан а, пачхьалкхан а символийн сий дайарна махкахошна гIуда тухур ду 100 эзар соьме кхаччалц барамехь я чубухкур бу уьш, 15 шо набахтехь даккха хан а тухуш. Нагахь изза шозлагIа а дахь бехкечун гIуда алсамдаккха бакъо ю 200 эзар соьме кхаччалц барамехь.

Цу низамийн проектийн пакет Пачхьалкхан Думе хьажийнера Федерацин Кхеташонан низамашкахула йоьлчу комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс а, депутаташа Боковая Людмилас а, Вяткин Дмитрийс а.

Парламенто тIеийцира уьш Зазадоккху-беттан 7-чохь. ТIаьхьо Федерацин Кхеташоно къобул йира, ткъа президенто Путин Владимира тIе куьг таIийра. Цензура юкъаяккхар ду бохуш, и низаман проекташ тIеэцарна дуьхьал яра адамийн бакъонашкахула йолу президентан Кхеташо а, кхин йолу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG