ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIуда тоьхначул тIаьхьа вайна гIалгIайн жигархо Озиев


Зазадоккху-беттан 27-чохь Iедалшкара бакъо йоцуш Магасехь хIоттийначу митингехь дакъалацарна 20 эзар сом гIуда тоьхначул тIаьхьа, тIепаза вайна 41 шо долу Озиев Тимур. "Медиазона" хьостано яздо, цуьнан йишас Озиева Мариеттас бинчу хаамна тIе а тевжина. Йишас дийцарехь, ницкъахоша дIавигина иза кху беттан 17-чохь.

"Цхьанхьа герзаш диттина, цуьнан куьйгаш тIехь молхан лараш юй хьовсуш, экспертиза ян деза шайн элира цара. Цундела паргIат дIавахара иза цаьрца, ша гунахь воций хууш хиларна", - дийцина зудчо.

ГIалин чоьхьарчу гуллакхийн министраллан декъе дIавигинера жигархо, цул тIаьхьа митингех хеттарш а дина, Магасан кIоштан кхеле а валийна, гIуда тоьхна хилла, йишас бахарехь. Кхелан кхеташо йирзинчул тIаьхьа "Э" Центран белхахоша дIалаьцна Озиев. Шен гергарчаьрга телефонехула хаамбина цо, Нальчике барт хатта вуьгуш ву ша аьлла. Амма хууш дац, бехкзуламан цхьана гIуллакхца доьзна ду и, йа дац. "Медиазонас" яздарца, цул тIаьхьа кхи зIене ваьлла вац Озиев Тимур.

"Правовая инициатива" организацин адвокато Абубакаров Мохьмада а бакъдина, Озиев къайлаваккхар.

"Нальчикехь бу цуьнан гергарнаш, иза лоьхуш бу уьш. Цкъачунна хууш дац, мила хIуттур ву цуьнан адвокат", - аьлла Абубакаровс, "Инфо24" гIирсо дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG