Пачхьалкхна ямартхилла аьлла, Москварчу "Лефортово" олучу талламан изолятор чохь латтош волу Iилманча Кудрявцев Виктор катоххий могIарерчу бахархойн дарбан цIийне охьавилла аьлла, сацамбина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Товбеца-баттахь дуьйна лаьцна ву 75 шо долу "Роскосмос" структуран белхахо.
Кудрявцевн интересаш Страсбургерчу кхелехь Iалашъечу адвокато Москаленко Каринас "МБХ-медиа" хьостане дийцарца, хьалхо цо бинчу латкъамна пIераскандийнахь жоп делла кхелахоша, Европан кхелан Регламентан 39-чу бакъонех пайда а эцна.
ЕСПЧ-н сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалша Кудрявцевна цунна оьшшу медицинан гIо кхачо деза: молханашца а, дарбан цIийне охьавилларца а, могушалла талларца а аьлла. КарабогIучу беттан 6-гIа де тIекхачале и дерриг а кхочушдина хила дезаш ду аьлла, билгалдаьккхина Страсбурган кхело шайн сацамна тIехь.
Оьрсийчоьнан омбудсмено Москаленко Татьянас дийцарехь, Европан кхело цхьа наггахь бен юкъаялош яц 39-гIа бакъо. Нагахь тутмакх валаран кхерамехь велахь а, кхерам лаьтташ хиларх кхачо йоллуш тоьшаллаш делахь а аьлла бакъонашларъярхочо. Зазадоккху-бутт бовш чуделлера ЕСПЧ-н кхеле Кузнецовн адвокато арз.
ТIера ца довлу лазарш токхуш ву 75 шо долу Iилманча, иштта бала хьоьгуш ву иза диабетца а. Цул совнах, инфаркт хилла а ву иза. Цуьнан адвокаташа масийттазза дIахьедира, бехкевечу Кузнецовна оьшу медикаменташ ца кхачайо, йа лоьраш цунна тIебуьтуш а бац бохуш.
Машенаш ен Юккъерчу Iилман, талламан институтан (ЦНИИ) белхахо Кудрявцев Виктор лаьцна стохка Товбеца-беттан 20-чохь. Iилманча бехкево, "Авангард", "Кинжал" олучу комплексийн гиперзвукан технологех къайлах информаци Бельгин институте дIакхачорна. Кудрявцевн адвокаташа чIагIдо, оьрсийн институт официалехь юкъарлонаш лелош хилла Бельгин доьшийлаца, юкъаметтигийн программа Оьрсийчоьнан Iедалхошца йийцарейина а яра, оцу агIор мел бен белхаш биллина дIахьош а бара бохуш.
Ишта бехк шена тIе ца лоцу Iилманчас а. Талламчашца цхьана болх бан дуьхьал хилира Кудрявцев дахначу шеран Лахьан-баттахь. Цо бахарехь, бехк тIе а лаций, белхан накъостий юкъаозабе аьллера цуьнга, реза хилахь изоляторчуьра ара а ваьккхина, цIахь дIасавалар а дихкина, вуьтур ву аьлла.
Стигалкъекъа-беттан 20-чу кхаччалц Iилманча чохь вуьтуш хан дIаяхъйина кхелахоша.