ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон вешина тховкIело яла дуьхьал ю Германи


Баварерчу Байройтан административан кхело тховкIело яла дуьхьало йина гоьваьллачу нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мухьаммадна. "Кавказ.Реалии" портале бина цунах хаам ша Абдурахманов Мухьаммада. Миграцин хьукмато мухIажиран статус яла шена дуьхьалоярна кхеле латкъамбина цо.

"Нехан ца хуьллучу кепахь дIаяьхьира сан кхел. Пхи суьдхо вара гIуллакх луьстуш, миграцин урхаллан векал а вара. Йиллина яра кхелан процесс, цхьа ши жимстаг вара цу чохь хиина Iаш, суна хетарехь Германин къайлахчу сервисийн белхахой бара уьш… Со цара дIалацарна кхоьруш, суна саготта вара сан адвокат а", - дийцина Мухьаммада.

Цо бахарехь, цкъачунна тховкIело луш яц багахь схьа аьлла цуьнга, документаш каракхаьчначул тIаьхьа, Баварин Лакхарчу административан кхеле вала дагахь ву иза.

"Хала ду цигахь латкъамбан. Иск яц цу чу луш ерг, хьайн дехар ду. Кхелан компетенцехь ду, чуоьцу иск, йа ца оьцу. Кхул а хьалха хиллачу кхелан процессехь низамаш дохийна аьлла, меттиг хаалахь, тIакккха бен чуоьцуш яц хьоьгара иск. Боккха кхерам бу оцу кхелера - цо депортацех хьалха ца воккху", - аьлла, тIетоьхна Абдурахманов Мухьаммада.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх Deutsche Welle хьостано зорбане яьккхинчу материалан репост йина аьлла, хьалхо Аугсбурган кхело гIуда туьйхира цунна 1125 еврон барамехь. Кхелан сацам - шена дискредитаци ян гIортар санна тIеийцира Мухьаммада.

Цуьнан ваша гоьваьлла блогер Абдурахманов Тумсо Польшехь политикан тховкIело яларе сатуьйсуш ву. Нохчийчохь бух боцуш бехкузуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина, Iедалхой тIаьхьабевлла шена бохуш, дIахьедо Тумсос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG