ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Желтойн анархисташа шайна тIелаьцна Афинерчу оьрсийн векалтна гергахь дина эккхийтар


Зазадоккху-баттахь Афинехь йолчу оьрсийн векалтна гергахь динчу эккхийтарх жоьпалла желтойн анархин "Заговор мести" цIе йолчу организацино шена тIелаьцна. Тобанхойн цу хьокъехь дIахьедар "Индимедиа" портало зорбане даьккхина.

Къайлахчу сервисаша юьхьарлаьцначу оьрсийн анархисташна тIехIуьттуш дIаяьхьна шаьш акци аьлла ду документан чулацамехь. Иштта дIахьедарехь хьахийна кху шеран Чиллан-беттан 1-чу дийнахь хилла хиламаш а. ХIетахь анархистийн "Народная Самооборона" боламехь талламаш дIабаьхьира, Балашихехь карийначу оьккхуьйтурган хьокъехь. Лецначух цхьаммо, Москварчу Пачхьалкхан Университетан аспиранто Мифтаханов Азата дIахьедира, шена тIехь ницкъбина аьлла. ТIаьхьо лкцира иза, Москварчу цхьахйолчу кIоштарчу "Единая Россия" партин офисах цIетесна аьлла, бехкала а воьллина. Документан чулацамехь анархисташа дуьйцу, "Сети" гIуллакхна бехкебинчара шайца Iазапаш лелор дийцарх а.

Ишта хьахийна Архангельскехь ФСБ-н гIишло чохь стохка гурахь эккхийтар динчу 17 шо долчу кхиазхочун Жлобицкий Михаилан истори а. ДIахьедаран авторша билгалдоккху, "оьрсийн студентан а, шайн а мостагIий цхьаъ бу" аьлла.

Зазадоккху-беттан 22-чу буса Афинехь мотоцикл тIехь хиллачу цабевзачу наха оьрсийн векалтна хьалха граната кхоьсинера. Цул тIаьхьа цигара къайлабевллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG