ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахошна тIелатар дина аьлла, лаьцна латтийна Бекмурзаев бехказваьккхина


Ростоверчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхелан бехккъасторхоша вердикт йовзийтина, 2000-чу шарахь кхо эскархо вийна аьлла, кхеле хIоттийна Нохчийчуьра вахархо Бекмурзаев Расамбек бехказавоккхуш. ПIераскандийнахь журналисташка бина и хаам кхелан пресс-гIуллакххоша.

Маршо Радионо яздира, 17 шо хьалха кхо полисхо вийна аьлла, 2017-чу шарахь бехке а вина ФСБ-н белхахоша лаьцна вигинера Бекмурзаев аьлла. Талламчаша чIагIдарца, ницкъаллийн структурийн кхо белхахо вийначул тIаьхьа эцна Бекмурзаев воьвзачу тIеман буьйранчан Бараев Iарбин тобан юкъа. ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь таксхо болх беш вара лаьцнарг.

Социалан машанашкахула Бекмурзаевн хIусамнанас кхайкхам баржийра мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шен цIийнда бехкецахиларх а, берийн да хIусаме юхаверзош гIо дар а доьхуш.

"Бекмурзаевс дIахьединера, шен гIуллакх бехккъасторхошка листийтар тIедуьллуш. Кхелахойн коллегино иза бехказавоккхуш шаьш бина сацам дIакхайкхийна", - аьлла, хааме даьккхина суьдхойн зорбанчаша пIераскан буьйсанна 10 сахьт даьллачу заманчохь.

Маьршаваьккхинчул тIаьхьа цкъачунна бакъо хир яц Бекмурзаев Расамбекан ша вехачу меттигера дIасавала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG