ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен а, Путинан а цIераш яха хьакъ вац хьо аьлла Кадыровс Порошенко Петрога


Нохчийн куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийн куьйгалхо Кадыров Рамзан

Украинан президетан харжамашкахь дакъалоцучу Порошенко Петрон а, Зеленский Владимиран а стадионехь хиллачу дебатех шена хетарг яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграм-каналехь. Кадыровх кхеравеллера хьа аьлла, Порошенкос Зеленскийна бехкбилларца ша "урамашкахь летарна тIераниг санна" гайтира цо аьлла мехкан урхалхочо.

Иштта Кадыровс яздарца, Life телеканалан журналисташ Сайченко Марат а, Сидякин Олег а оьрсийн агIоне дIалучу хенахь, Порошенкос дIахьедира, Оьрсийчоьнна Украина санна кхи гергара, муьтIахь пачхьалкх хир яц бохуш.

"Кхераваларх аьлча, хьан омраца лачкъийна латто журналисташ ас шога хьайга маьршабаха аьлла, тIедожийча, Кадыров Рамзанах хьо кхоьруш ца хилча, дIа хIунда хийцира ахь уьш маса? ХIинца хьайн ледарло а, бер санна хьайн кхеравалар а, Зеленскийна тIетоьтту ахь", - аьлла, яздина шен постехь нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Къамел дерзош, дIахьедина цо, "тIаккхахула Кадыров Рамзанан а, Путин Владимиран а цIе яккха хьайна дагадеача, 100-зза ойла елахь. И цIераш яха хьакъ вац хьо, аьлла.

Украинехь президентан харжамийн хьалхара тур дIаяьхьира Зазадоккху-беттан 31-чохь. Тоъал кхаьжнаш ца кхечира кандидатех цхьанна а.

Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинан куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана.

Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь дара 35,5 млн стаг.

Exit Polls талламца, толам боккхуш вара Зеленский Владимир 30,4%), шолгIачу меттехь нисвелира Порошенко Петро (17,8%), кхоалгIа яра Тимошенко Юлия (14,2%). ШолгIа тур дIакхайкхийна карарчу беттан 21-чу дийнахь. Цигахь дакъалоцур ду Порошенко Петрос а, Зеленский Владимира а.

Ткъа Стигалкъекъа-беттан 1-чохь коьртачу харжамийн комиссино цIе яккха езаш ю Украинан керлачу президентан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG