ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аушев Русланан гергарчо лай вина, вацийна ша аьлла Пензерчу вахархочо


Бакъонашларъяран "Альтернатива" боламан волонтераша хааме даьккхина, ГIалгIайчохь бартаза вацош хилла Пензера Куприянов Михаил шаьш кIелхьарваккхарх. Куприяновс чIагIдо, ГIалгIайчоьнан хиллачу президентан Аушев Русланан гергарчу Руслан цIе йолчу стага мацалла а, хьогалла а хьоьгуьйтуш ша лаьмнашкахь масийтта баттахь вацийра бохуш. Жимчу стага дийцарехь, цхьана сайтехь йоI евзина хилла цунна. Цо шена вевзачу стагехула ГIалгIайчохь болх лехна хилла кхунна.

"Со цига дIакхаьчча, Руслан цIе йолчу стага вузийра со, цигахь буьйса а яьккхира ас. ШолгIачу дийнахь: хьайн документаш сейф чу дахка элира соьга. Кхи дагахь хIума а доцуш, охьадехкаира ас сайн кехаташ. Цул тIаьхьа цхьана жоьла вахара тхойшиъ. Цигахь серло яцара, цхьана а кепара хьелаш дацара. Кхаа дийнахь, бусий меца вуьсура со, тIевогIуш стаг а воцуш. Юург а, хи а кхачийнера. Цкъацкъа мацаллина тоха са доцуш, аттах ваккхал холча хIуттура со", - дийцина Куприяновс.

Вада дагадеанера шена боху жимчу стага, меттигерчу Къосум цIе йолчу цхьана накъостца дов а иккхинчул тIаьхьа. Русланна къола деш хилла цо, ткъа Куприяновс ша дерриг а хIусамдега дIадуьйцур ду аьлла хилла. ТIаккха Къосума чIагIо йинера боху кIанта, шена урс хьокхур ду аьлла.

"Меца а волуш, лаьмнашкахула, аренашкахула гIаш со Нохчийчу кхечира. Цигахь цхьана жоьла чу вирзича, яа а, мала а елира суна. Ас ма-дарра дIадийцира дерриг а",- аьлла Куприяновс.

Шена гIодархьама ша полицин декъе вигира боху жимчу стага оцу наха. Цигахь ши кIира даьккхина цо, шен бакъйолу цIе а, ша ваьхна меттиг а полисхоша билгалйоккхуш. Цул тIаьхьа цхьана юьртарчу бежанийн фермехь юургна дуьхьал болх бина ша боху цо. Руслане маситтазза шен кехаташ схьадехна хилла цо, амма вукхо дуьхьало йора боху.

"Цкъа дIалур ду ша элира Руслана, ткъа шолгIачу дийнахь – дохковелира иза. Ахь "хIара лачкъийна", "важа лачкъийна" баха вуьйлира иза. ТIаккха "ас хьо мах белла эцна ву, хьо сан долахь ву", кехаташ ща юхалур дац элира цо соьга. Юха боху соьга: ахь суна дуьхьал ши устагI, йа 20 эзар ахча лахь, документаш дIалур ду ша", - аьлла, дийцина Куприяновс.

Кхи дан хIума ца хилча, "Альтернатива" боламе орца дехна хилла Куприяновс. Волонтераша Махачкала дIа а хьажийна, цигара Москва дIаваха аьтто бира цуьнан кху беттан 13-чохь. Цуьнан кехаташ юхаметтахIиттош болх бу карарчу хенахь дIахьош.

XS
SM
MD
LG