ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Ирландехь къепедацаршкахь йийна гоьяьлла журналист


Йийна журналист Макки Лайра
Йийна журналист Макки Лайра

Шоьтан сарахь Къилба Ирландин Лондондерри гIалахь иккхинчу къепехь коьртах герз тоьхна йийна Iамеркан Mediagazer хьостан журналист Макки Лайра. Бехке "Новая ИРА" тоба ю аьлла, шеконаш ю полицин. Теракт ду аьлла, дIакхайкхийна тIелатар. Британин Къилба Ирландин полицино Ирландин Республикан йозуш цахилар даздан кечлучу юкъанна лехамийн операци йолийнера Лондондеррехь, радикалан республиканхошна дуьхьал. ХIетахь лилхинчу къепедацаршкахь 50 бензинан бомба полисхошна тIелестийнера. Ши машен лачкъийна дIа а йиина, ягийнера.

"Муьлш бу ца хуучу наха масийттазза герзаш кхийсинера полисхой болчу агIор. 29 шо долу Макки Лайра лазийра. Дарбан цIийне кхачийра иза. Дукха ца Iаш, цигахь кхелхира",- аьлла, дийцина пресс-конференцехь полицин векало Хэмильтон Марка.

Журналист ер тIечIагIдина Mediagazer хьостано а шен Твиттерехь, регионерчу конфликтех а, ИРА-н тIемалойх лаьцна а цо дуккха а материалаш зорбане йохуш хилар, билгал а доккхуш.

Ирландин республикан "ИРА" арми – тIеман организаци ю. Шайн Iалашо лору цара – Ольстер Великобританех дIакъастийна, иза йозуш йоцчу Ирландин Республикех дIатохар.

1968-чу шарера 1997-чу шаре кхаччалц цуьнан агIончаша иттех эзар сов теракташ дина, дан а гIоьртина Великобританин территори тIехь.

2005-чу шарахь герз охьадиллира оцу организацино, делахь а цунна резабоцчу, организацин хиллачу декъашхоша керла "Новая ИРА" аьлла, цIе а туьллуш, тахана а йолуш йолу группа вовшахтуьйхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG