ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный" страйкболан клубан цIе хийцина "Ахмат" аьлла


ДогIуш дац аьлла Нохчийчуьрчу бахархоша 2015-чу шарахь дуьйна "Грозный" цIарца хилла страйкболан клубан цIе "Ахмат" аьлла хийцар, яздо "Кавказский узел" агенталло. Кху беттан 18-чохь Iорадаьккхира цунах кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо клубан декъашхошца дIадаьхьначу цхьанакхетарехь. "Грозный" телехьожийлан суьйренан эфирехь а гайтина цунах репортаж. Клубан лидеран Магомадов СаьIидан лаам бу "Ахмат" цIе тилар аьлла, билгалдоккхуш.

2015-чу шарахь дуьйнна болх беш ю страйкболан "Грозный" клуб. 100 гергга кегийрхой бу цуьнан декъехь, дукхахберш меттигерчу ницкъаллийн структурийн белхахой а болуш.

Кеп-кепарчу регионашкахь а, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а страйкболан къийсадаларшкахь толамаш бохура клубан декъашхоша аьлла республикан спортан министралло а.

Ткъа совнаха хIума ду аьлла Нохчийчуьрчу бахархоша клубан цIе хийцар. "ХIара хьал ишта дIадодахь, "Ахмат" бен кхи тилла цIе а йоцуш юьсур ю спортан клубаш а, берийн а, кхиазхойн а организацеш а", - аьлла, дийцина Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Вахьида "Кавказский узел" агенталле.

"ДогIуш доцу хIума ду массо а клубаш а, организацеш а Кадыровн цIарца хилар. Нах дIабоьлла оцу хиламех, цундела кхи дIоггара бала а ца хуьлу оцу хийцамашца, - аьлла хьехархочо Асета.

2017-чу шарахь хийцира Нохчийчуьрчу футболан "Терек" клубан цIе "Ахмат" аьлла. Нохчийчоьнан урхаллехь лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIарах ю и клуб. Ишта латархойн клубо а лелош ю "Ахмат" цIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG