ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина баттахь лаьцна вуьтур ву гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан хьалханча


ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг шина баттахь чохь вуьтуш, сацамбина ГIебарта-Балкхаройчоьнан кхело. Цунна бехкедуьллу, байначу беттан 27-чохь Магасехь протесташ йоьлхучу заманчохь полисхошна дуьхьало яр. "Медиазона" портале адвокато Куриев Жабраила дийцина, Ужахов диабет а, деган лазарш а токхуш хиларх, амма кхело тидаме ца эцна и шен сацамехь аьлла. Материалашкахь тIечIагIдина ду ишта, Ужахов кхелах вада там болуш а ву аьлла. Куриевна хетарехь, и тIедахкарш бух боцуш ду.

Наьсаран кIоштахь пIераскандийнахь дIалаьцна Ужахов Малсаг. Герзашца болчу наха керта а баьхкина, лаьцна дIавигина иза ГIебарта-Балкхаройчоьнан Нальчик гIала.

Авокато дIахьедарца, ур-атталла шен молханаш а схьа ца эцийтина цуьнга. Цул хьалха а Магасан кIоштан кхело 20 эзар сом гIуда тоьхна вара Ужахов, стохка аьхка хIоттийначу протестан акцехь дакъалаьцна ву аьлла.

Байначу баттахь Iедалхошкара пурба а даьккхина, Нохчийчоьнца дозанаш билгалдохуш бинчу бертана дуьхьалбевллачу гIалгIаша митинг хIоттийра. ШолгIачу дийнахь полисхошца тасадаларш хилира протестхойн. 50 гергга меттигера жигархо дIалецира ницкъахоша. Талламан комитетео бехкзуламан гIуллакхаш айдира царна дуьхьал, митингашка кхайкхамаш барна а, Iедалан векалшна дуьхьало ярна а аьлла. Жигархойн хIусамех хьуьйсуш, леца болийра митинган инициаторш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG