ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Ирландехь йийначу журналистан хьокъехь ши стаг дIалаьцна


Журналист Макки Лайра
Журналист Макки Лайра

Къилба Ирландехь йийначу журналистан хьокъехь 18 а, 19 а шераш долу ши жимстаг лаьцна полисхоша. Терроризмна дуьхьало латточу низаман гурашкахь лаьцна и шиъ, цкъачунна цу шинна дуьхьал бехкаш дахаза ду аьлла, регионерчу полицин хьосташна тIе а тевжаш, The Irish News газетано.

Маршо Радионо хааме даьккхира, шоьтан сарахь Къилба Ирландин Лондондерри гIалахь иккхинчу къепехь коьртах герз тоьхна Iамеркан Mediagazer хьостан журналист, 29 шо долу Макки Лайра ерах лаьцна. Бехке "Новая ИРА" тоба ю аьлла, шеконаш ю полицин.

Британин Къилба Ирландин полицино Ирландин Республикан йозуш цахилар даздан кечлучу юкъанна лехамийн операци йолийнера Лондондеррехь, радикалан республиканхошна дуьхьал. ХIетахь лилхинчу къепедацаршкахь 50 бензинан бомба полисхошна тIелестийнера. Ши машен лачкъийна дIа а йиина, ягийнера.

"Муьлш бу ца хуучу наха масийттазза герзаш кхийсинера полисхой болчу агIор. 29 шо долу Макки Лайра лазийра. Дарбан цIийне кхачийра иза. Дукха ца Iаш, цигахь кхелхира",- аьлла, дийцина пресс-конференцехь полицин векало Хэмильтон Марка.

Ирландин республикан "ИРА" арми – тIеман организаци ю. Шайн Iалашо лору цара – Ольстер Великобританех дIакъастийна, иза йозуш йоцчу Ирландин Республикех дIатохар.

1968-чу шарера 1997-чу шаре кхаччалц цуьнан агIончаша иттех эзар сов теракташ дина, дан а гIоьртина Великобританин территори тIехь.

2005-чу шарахь герз охьадиллира оцу организацино, делахь а цунна резабоцчу, организацин хиллачу декъашхоша керла "Новая ИРА" аьлла, цIе а туьллуш, тахана а йолуш йолу группа вовшахтуьйхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG