ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин Iедална юха а тIеIаткъамбо "можачу жилеташа"


Парижера "можачу жилетийн" протест
Парижера "можачу жилетийн" протест

30 эзар гергга вахархо вовшахтоьхнера Францехь можачу жилетийн протесташка. Коьрта акцеш дIаяьхьира Парижехь. Цхьаццайолчу меттигашкахь полицин дийзира хи туху герзах пайдаэца. Стохка гурахь дуьйна Францехь йолийна ю протестийн акцеш "можа жилеташ" олучу боламо.

Автомобилан ягорган налог охьаяккхар ду цара уггар коьрта Iедалхошна тIедиллинарг. Iедал цхьадолчунна шайна тIетайннашехь, манифестацеш шоръеш, лозунгашкахь гулбеллачара президенте Макрон Эмануэле дарж охьадилла бохуш, бен кхайкхамаш а хезара.

ТIаккха Макрона дIахьедира, экономикан реформийн гIараялаза программа кхи дIахьур ю ша, юкъараллехь къепе Iалашъярехь кIеда хир вац ша аьлла.

Карарчу заманчохь протестхойн полисхошца хиллачу тасадаларшкахь лазийна цхьа эзар гергга полисхо.

Манифестхошлахь иттанашкахь бара чевнаш йинарш. Масех протестхо велла меттиг а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG