ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

49 стаг велла, 300 гергга лазийна Шри-Ланкахь


Шри-Ланкахь динчу цхьа могIа лелхийтаршкахь вийна 49 стаг, кеп-кепара чевнаш йина 300 гергга вахархочунна. Керста наха Пасха даздечу католикийн кхаа килсехь а, пачхьалкхан Коломбо олучу шахьарерчу хьешан хIусамашкахь а, гIалина чувуллучохь а бомбанаш лелхийтина аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло.

Беллачарлахь бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой а, яздина шен Твиттерехь пачхьалкхан Iедалан векало Харша да Силвас. Шайн-шайн хIусамашкара ара ма довла аьлла, кхайкхамбина цо бахархошка.

ДIакъевлина цу пачхьалкхехь аэропорт а, яздо Indian Express хьостано меттигерчу зорбанашна тIе а тевжаш. Зулам цкъачунна цхьаммо а шена тIелаьцна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG