ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 шо кхечи нохчийн хилла президент Дудаев ЖовхIар вийна


Нохчийн Ичкери Республикан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар
Нохчийн Ичкери Республикан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар

1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь. Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь.

Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь.

Полтавехь Никитченко урамехь йолчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у.

Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев ЖовхIаран цIе тиллина урамаш.

Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю Дудаев ЖовхIаран аллей (1996). Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер.

Полшехь, Варшавехь майда ю Дудаев ЖовхIаран цIе лелош (2005).
Украинехь Ивано-Франсковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш.

Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина 1966-чу шарахь.

Ткъа Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулган тIехь яздина ду хIара дешнаш: "ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG