ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца хинйолчу юкъаметтигехь вистхилла Зеленский


Украинан президентан харжамашкахь толам баьккхина шолгIачу турехь, экзитполан хаамца, Зеленский Владимира. Цо дIахьедина, Оьрсийчуьра массо а Украинан политикан тутмакхаш а, цо ма аллара, тIеман йийсархой а, Iаьржачу хIорда тIехь лецна хилла хIордхой а пачхьалкхе юхаберзо хьожур ву ша аьлла. ХIордхойн гергарчаьрца хIинцале а къамел хилла шен аьлла Зеленскийc Киевехь хиллачу пресс-конференцехь.

Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш муха хир ю аьллачу хаттарна жоп луш, "нормандин форматехь" дийцарш дIахьур ду аьлла керлачу президенто.

Зеленскийс бахарехь, уггар коьрта Iалашо ю - Донбассера тIом сацор.
Иштта цо дIахьедина, гергарчу хенахь шен командас Добнбассера конфликт бахьана долуш "информцин тIеман" план хIоттор ю, украинхойн журналисташка гIо а дохур ду ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG