ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедал юхадаьлла - ПIаьнгазахь ГЭС йийр ю 90% бахархой реза хилахь


Гуьржийчоь -- Полици а, бахархой а П1аьнгазахь. 21Охан2019
Гуьржийчоь -- Полици а, бахархой а П1аьнгазахь. 21Охан2019

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Гахария Георгийс кхайкхам бина ПIаьнгазарчу бахархошка, синтеме хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, цигахь ток йоккху станци юьллур ю, нагахь цунна реза 90 процент бахархой хилахь аьлла, хаам бо "Грузия-онлайн" сайто.

Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йиллар дIадоло дезаш дара кIиранан дийнахь, Оханан-беттан 21-хь. Меттигера бахархой синтем байна бу ГЭС йилларо вочу агIор тIеIаткъам бийр бу чIожерчу Iаламна бохуш, ткъа и бахьана долуш шайн хIусамаш а юьтуш цигара дIабахе дезар ду шайн боху цара. Iедало чIагIонаш йо 5 мВт бен ондалла йоцу станци кхераме яц меттигерчу бахархошна бохуш.

Гахарияс билгалдаккхарехь, электростанци йилларх лаьцна хаттар кхин дIа а дийцаре дийр ду меттигерчу бахархошца цигахь белхаш бан безаш йолчу компанино.

Оццу хенахь, кIиранан дийнахь полисхошна тIелатар динчу нахана таIзар дан дагахь ду Гуьржийчоьнан Iедалш. Делахь а лерринчу Iалашонца ПIаьнгаза хьажийна полицин ницкъаш дIагIур бу цу чIожера.

КIиранан дийнахь Биркиани эвлахь хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхошца маситта тасадалар хилла полисхойн. Меттигерчу бахархоша тIулгаш кхиссина полицин белхахошна тIе. И бахьана долуш, лерринчу полицин ницкъийн тобанан белхахоша ризинин даьндаргаш а етташ, бIаьрхиш оьхуьйту газ хецна царна юкъа.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, дIадаханчу кIиранан дийнахь ПIаьнгазарчу тасадаларшкахь эшам хилла ву 27 стаг, шайна юкъахь 15 полисхо а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG