ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино лаьцна Магасехь Зазадоккху-беттан 26-хь хиллачу митинган декъашхо


Магасера митинг. Архивера сурт.
Магасера митинг. Архивера сурт.

ГIалгIайчуьрчу полицино лаьцна референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал цу республикан коьртачу гIалахь Магасехь хиллачу митинган декъашхо Хамхоев Зубейра. Цунна бехке дуьллуш ду Зазадоккху-беттан 27-чохь Iуьйранна полицица хиллачу тасадаларшкахь дакъалацар. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", "Медиазона" сайтана тIе а тевжаш.

Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш, доьхкуш ду Нохчийчоьнца долу административан доза хийцар хьокъехь референдумаш яр.

ШолгIачу дийнахь Iуьйранна тасадаларш хилира, Iедало елла бакъо а йоцуш, цу майданахь буьйса йоккхуш бисина хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а.

Цу къепедацаршкахь дакъалаьцначу нахана дуьхьал схьадиллина ду маситта бехктакхаман гIуллакх. Лаьцна ву маситта стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG