Украинин коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца, президентан харжамийн шолгIачу муьрехь 90 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа толам боккхуш ву 73 процент кхаьжнаш гулдина Зеленский Владимир. Цуьнан дуьхьалчана карарчу хенахь цу мехкан куьйгалхочунна Порошенко Петрона шайн кхьжнаш дIаделла 24,5 процент харжамхоша.
И жамIаш догIуш ду кхажтасар дIадирзинчул тIаьхьа Къоман экзитполо далийначаьрца.
Зеленскийс санна лакхара жамI гайтина Украинерчу президентан харжамашкахь и пачхьалкх йозуш йоцуш хиллачул тIаьхьа.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?