ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу демографин рейтингехь 3-чу меттехь ю Нохчийчоь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Керлачу демографин рейтингехь Оьрсийчохь хьалхара кхо меттиг дIалаьцна Севастополь гIалано а (Оьрсийчоьно анннекси йинчу Украинин ГIирмера гIала. - Ред.), ГIалгIайчоьно а, Нохчийчоьно а, хаам бо РИА Новости агенталло.

Иштта, Севастополехь тIаьхьарчу 3 шарахь бахархойн терахь алсамдаьлла 6,46%. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь 5,2%. КхоалгIа меттиг дIалаьцна бахархойн терахь 4,5% тIекхеттачу Нохчийчоьно.

Бахархой алсамбаларан рейтингехь цул сов лаккхара терахьаш гайтина Тюменан а (4,41%), Ленинградан а (3,88%), Москох а (3,84%) кIошташа.

Петарбух ю 7-чу меттехь (3,03%). Москохо дIалаьцна рейтинган 12-гIа меттиг (2,31%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG