ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь полисхошна тIелатар талла долийна Гуьржийчохь


ПIаьнгаза, Биркиани. 21Оханан2019.
ПIаьнгаза, Биркиани. 21Оханан2019.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло таллам болийна ПIаьнгаза чIожехь полицин белхахошна тIелатар дар а, тасадаларш дIадоьлхуш леррина техника йохор а хьокъехь, яздо Маршо Радион "Эхо Кавказа" редакцино.

Министралло динча дIахьедарца, цу чIожехь тоькан станци яр юхадIадолош хиларца доьзна цига хьажийна хилла Кахетин регионера 35 полисхо. Дийцарехь, меттигера бахархой тIелетта полисхошна, тIулгаш а детташ, ткъа цул тIаьхьа цига хьажийна хилла кхин а полицин ницкъаш.

ПIаьнгазехь хиллачу тасадаларшкахь лазийна ву 55 стаг – 38 полисхо а, 17 меттигера вахархо а. 23 полицин белхахо хIинца а вуьсуш ву дарбанан хIусамашкахь.

"Грузия онлайн" зорбанан гIирсо бинчу хаамца, Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йилларна дуьхьалбевллачу меттигерчу бахархойн а полицин а тасадаларш хилла. Меттигерчу бахархоша тIулгаш кхиссина полицин белхахошна тIе. И бахьана долуш лерринчу полицин ницкъийн тобанан белхахоша ризинин даьндаргаш а етташ, бIаьрхиш оьхуьйту газ хецна царна юкъа.

Къепедацарш хиллачу метте веанера Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий. Цул тIаьхьа хаьл гIолечу делира. Министро кхайкхам бина ПIаьнгазарчу бахархошка, синтеме хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, цигахь ток йоккху станци юьллур яц, нагахь цунна реза 90 процент бахархой ца хилахь аьлла.

Гахарияс билгалдаккхарехь, электростанци йилларх лаьцна хаттар кхин дIа а дийцаре дийр ду меттигерчу бахархошца цигахь белхаш бан безаш йолчу компанино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG