Зазадоккху-беттан 26-чу а, 27-чу а деношкахь Магасехь хиллачу дуьхьалонан акцешкахь низам дохорна тоьхна гIуданаш такха а, адвокаташна дала а ахча гулдан йолаелла ГIалгIайчохь жигархойн тоба. Цунах лаьцна хаама бо "Кавказ.Реалиино", гIалгIайн жигархочун Матиева Анжелина тIе а тевжаш.
Матиевас дийцарехь, митинган жигархойн дукхаха болу адвокаташ болх беш бу мехаза, амма гIалгIайн юкъаралла дагахь ю кхелан кхеташонашка Москох адвокаташ кхайкха. Цундела царна дала ахча оьшур ду шайна, боху цо.
Зазадоккху-беттан 26-чу а, 27-чу а деношкахь Магасехь митинг хиллачул тIаьхьа гIуданаш тоьхна иттаннашна ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан боламан жигархошна. Коьртачу декъана цу гIуданийн барам бу 20 эзар сом.