Шуьйтан кIоштан кхело 16 шо хан тоьхна Казбулатов Шамильна 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна тIелатар деш дакъалацарна. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.
Казбулатов бехке лерина эскархой байа гIортарна. Талламхойн версица, нохчийн тIемалойн хьалханчо Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалойн могIаршкахь цо, хьежа а еш, Калашниковн автомат йиттина оьрсийн десантхошна.
2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевллачул тIаьхьа гIело хьоьгуш Ведана агIор дIабоьлхучу нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица.
Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Нохчий дараш биллгал мел хилла хууш дац, амма ууьш эзарнашкахь дара бохуш чIагIдора Оьрсийчоьнан инарлаша.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?