Нохчийчохь Гуьмсан кIоштан БоргIанерчу културан кхерчахь даздарш дIадаьхьна гIумкийн културан денна хьажийна.
Цу мероприятехь дакъалаьцначу Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министро Умаров Джамболата сийлахь кехаташ делира цхьацца сферашка похIма а, говзалла а гайтинчу Нохчийчохь дехачу къаьмнийн юкъаметтигаш цхьаьнатохарехула къахьегначу гIумкийн къоман векалшна.
Даздарш дIадирзира йоккха концерт гайтарца.