ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2000 гIашсалти орцахваьккхина гIаттийна Нохчийчуьрчу тIеман Iаморашкахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчохь дIатарйина 42-чу гIашсалтийн дивизин ши полк цIеххьана гIаттийна цу республикехь доладеллачу тIеман Iаморашкахь. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, Къилбан тIеман гонан зорбан сервисна тIе а тевжаш.

Верриг а "мостагIчуьнан" эскарш юхатоха Iемаш ву 2000 сов эскархо. ТIеман Iамораш дIадоьрзуш яккхийн тоьпаш кхуьссур ю танканашна чуьра а, БМП-шна чуьра а.

Болчу хаамца, Нохчийчуьрчу тIеман Iаморашна иштта юкъаозийна ю 300 гергга гIагI диллина техника, шайна юкъахь Су-25СМ кеманаш а, шаьш дIасалела "Акация" яккхийн тоьпаш а, "Панцирь-С1" зенитан ракетан-йоккхачу тоьпан комплексаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG