Нохчийчохь ток эрна яр лахдан оьшу инфраструктура кхуллуш 5 миллиард 600 миллион сом дойур ду аьлла, хаам бина Къилбаседа Кавказерчу МРСК (регионийн юкъара ток йоькху) компанин инарлийн директоро Иванов Виталийс. И программа болх беш хир ю 2022 шаре кхаччалц.
Шен и дIахьедар дина Ивановс белхан визитца Соьлж-ГIалахь волуш, хаам бо ТАСС агенталло. МРСК компанин куьйгалхочо билгалдаккхарца, Нохчийчуьра тоькаца йоьзна комплекс лаккхара тидам тIебахийтар оьшуш ю.
Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима шен агIор дIахьедар дина, энергетикаш тоькаца кхачо ярца доьзначу хаттаршкахула халонаш дIайохуш болу республикерчу Iедалийн бертахой бу аьлла.