ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазарчу бахархошка леррина вистхилла Гуьржийчоьнан премьер-министр


Гуьржийчоь -- Бхтадзе Мамука, премьер-министр. Тбилиси, 28Заз2019
Гуьржийчоь -- Бхтадзе Мамука, премьер-министр. Тбилиси, 28Заз2019

Ток йоккху станци юьллуш ПIангаза чIожерчу бахархошна хетарг тидаме оьцур ду Iедалша аьлла, дIахьедар дина цIаьрга леррина вистхиллачу Гуьржийчоьнан премьер-министро Бахтадзе Мамукас.

"Къаьсттина ларамца вистхила лаьа суна ПIаьнгазарчу бахархошка. Оха цкъа а, цхьана а регионехь, цхьана а адамаш дехачу меттигехь я эвлахь цхьа а проект кхочуш ца йина бахархошца дага ца довлуш а, цаьрца къамел ца деш а", - дIахьедар дина Гуьржийчоьнан Iедалан куьйгалхочо.

Премьеро дийцарехь, Гуьржийчоьно эшо езаш ю къоьлла, ткъа цуьнца къийсам дIахьош Iедал ду экономика кхиорца, шена кхиина энергетика оьшуш йолчу.

Цуьнца цхьаьна Бахтадзес баркалла аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана, цуьнан белхахоша "кхин цкъа а говзалла а, сатохуш шаьш хилар а" гайтарна.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, ПIаьнгазахь Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йилларна дуьхьалбевллачу меттигерчу бахархойн а, полицин а тасадаларш хилла Оханан беттан 21-чу дийнахь. Меттигерчу бахархоша тIулгаш кхиссина полицин белхахошна тIе. И бахьана долуш лерринчу полицин ницкъийн тобанан белхахоша ризинин даьндаргаш а етташ, бIаьрхиш оьхуьйту газ хецна царна юкъа.

Къепедацарш хиллачу метте веанера Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий. Цул тIаьхьа хаьл гIолечу делира. Министро кхайкхам бина ПIаьнгазарчу бахархошка, синтеме хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, цигахь ток йоккху станци юьллур яц, нагахь цунна реза 90 процент бахархой ца хилахь аьлла.

Гахарияс билгалдаккхарехь, электростанци йилларх лаьцна хаттар кхин дIа а дийцаре дийр ду меттигерчу бахархошца цигахь белхаш бан безаш йолчу компанино.

ПIаьнгазехь хиллачу тасадаларшкахь лазийна ву 55 стаг – 38 полисхо а, 17 меттигера вахархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG